الدعوة الإسلامية العصرية

بسم الله الرحمن الرحيم

الدعوة الإسلامية بالشيشانية

أولا: روابط  الدعوة الإسلامية بالشيشانية

http://www.islamhouse.com/dc/books/chchn/chchn2232.txt

ثانيا: الرسائل الدعوية بالشيشانية

 تعريف موجز بالإسلام باللغة الشيشانية

Дешхьалхе


АллахΙана хастам бу, Ιаламийн Эла волчу. Салават а салам а хуьлда шел тΙаьхьа кхин пайхамар воцчу, вайн пахамарна IабдуллахΙа воIана Мухьаммадна.

Цул тIаьхьа: Баккъалла а бусалба динан Iилманаш даржор доккха маьIна долуш ду бусалба дин довзайтарехь, цуьнан баххаш чIагΙдарехь, вайн уммат дендаларехь, иза кхиарехь.

И Iалашо ю Ислам Iаморан университето шена хьалха хIоттийнарг, бусалба дине нах кхайкхарца а, иза хьехарца а.

И Iалашо кхочуш ярехь дакъа лоцуш, университетехь йолчу Iилманан талламан администрацин ойла хилира Iилманан белхаш бан. Оцу белхашна юкъа богIу – Исламах а, цуьнан дикаллех а хазаллех а лаьцна Iилманан талламан белхаш бар, уьш баржор, вайн умматна довзайтуш бусалба дин а, цуьнан кхетамаш а хьукманаш а, нийсачу хаамашкара.

Ткъа хIара жайна ( Ислам доцца довзайтар) администрацин белхех цхьа болх бу. Университетера хьехархошка яздайтира хIара жайна, тΙаккха администрацехь йолчу Iилманан талламан комиссига таллайтира, тΙаккха тΙетоха дезарг тΙе а тоьхна, аьтто болчу куьцахь арахийцира.

Хιокху тайпана белхаш дарехь администрацин Iалашо – бусалба нах шайна пайдехь долчу Iилманна тΙекхиабар ю, цундела, дуьненахь лелаш долчу меттанашка гочдина хΙара жайнаш, цул тΙаьхьа зорба тоьхна арахецна, иштта, дуьненаюкъара хаамийн зIена (Интернет) чохь йолчу сайта тΙе а дехкина.

АллахIе доьху, СаIуди Iаьрбийн пачхьалкхан куьйгалла деш болчарна диканца бекхам бар, цара бусалба динна гΙо даре терра, хΙокху университетан дола даре терра.

Юха а АллахIе доьху хΙара болх пайдане бар, биссина болу белхаш арахеца тавфикъ далар, вайна массарна Шена дезачу, Ша реза волчу гΙуллакх дарехь тавфикъ далар, вай массо нийсонна тΙекхойкхуш болчерах, нийсонна гΙодеш болчерах дар.

Делера салават а салам а хуьлда Цуьнан лай а Элча а волчу вайн Пайхамарна Мухьаммадна, цуьнан охIлунна, цуьнан асхьабашна, массарна.



Iилманан талламан куьйгалхо:

Профессор Мухьаммад ХалифахI Аттамими.



Ислам доцца довзайтар

АллахΙана хастам бу, Ιаламийн Эла волчу. Салават а салам а хуьлда элчанийн имам волчу вайн пахамарна Мухьаммадна, цуьнан охΙлунна, цуьнан асхьабашна, массарна.

Цул тΙаьхьа : ткъа Ислам бохург - иза тешалла дар ду дагца а, маттаца а, дегΙан меженашца а, АллахΙ воцург кхин дела вац аьлла, Мухьаммад АллахΙан элча а ву аьлла.

Ислам-динна (бусалба динна) юкъа догΙуш ду Имана ялх арканех тешар, Исламан пхеа арканашца Ιамал яр, и массо хΙума шен цΙенчу дагца, Ихьсанаца дар.

Ислам, иза пайхамарашна а, элчанашна а юккъехь шел тΙаьхьа кхин пайхамар а, элча а хир воцуш волу ΙабдуллахΙа воΙана Мухьаммад Пайхамарна тΙедоссайна дин ду.

Ислам - иза бакъ долу дин ду, ша доцург кхин АллахΙа къобул дийр доцуш долу. АллахΙа Ислам шена чохь хало йоцуш, атта дина доссайна вайна. И дин лелош болчарна, церан ницкъ ца кхочург тΙе ца диллина Цо, цаьрга дан лур доцург де а ца аьлла.



Шен орум АллахΙ цхьаъ вар болуш дин ду иза. Цуьнан билгало бакъ лер ю, цуьнан сема бакъо ю, бакъонна а нийсонна а тΙехь лаьтташ ду иза. Ткъа цуьнан са - къинхетам бу.

Делан лайшна дуьненахь а, эхартахь а пайде мел долчу хΙуманна тΙе нисвеш, царна дуьненахь а, эхартахь а зен дийр долчу массо вочу хΙумнах ларвеш, деза, доккха, Делан дин ду Ислам. Кхетамаш а, гΙиллакхаш а шеца АллахΙа нисдина долу, дΙасакъаьстина дегнаш а, цхьаьна боцу лаамаш а вовшах тоьхна, уьш харцона боданера арадаьхна, нийсо царна гайтина долу, нийсачу некъа тΙехь уьш нисдина долу сийлахь дин ду иза. Нийса, цΙена дин ду иза, шена чохь цхьане кепара цакхетам боцуш. Цо довзайтуш дерг нийса, цΙена ду, цуьнан массо хьукманаш нийса а, цΙена а ду. Бакъдерг а, бакъо а бен цо йуьйцуш яц, дика а, нийса а долу хьукма бен цо деш дац.

Ислама адамашна луш болу кхетамаш массо нийса бу, цунна чохь йолу Ιамалш массо нийса ю, цуьнан гΙиллакхаш массо оьзда, хаза ду.

Ислам - динан Ιалашонаш

Ислам - дин, бусалба дин, адамашна доссоран а, иза вайна АллахΙа даларан а Ιалашонаш йовзайтур ю вай хΙинца:

1 - Хьалхара Ιалашо, адамашна шаьш кхоьллина волу шайн АллахΙ Дела вовзайтар ю.

АллахΙан хаза цΙераш а, сифаташ а ю. Амма Цуьнан сифатех тера Цо кхоьллинчу халкъан цхьа а сифат дац, АллахΙах тера цхьа а хΙума дац. Цо деш долу массо хΙума хьекъале ду. Цуьнца цхьа а гΙоьнча вац, я Цунна накъост оьшуш а вац. Шена Ιибадат дан хьакъ долуш ву Иза, оцу хьокъехь Цуьнца накъост а вац, цундела Ιибадат дан хьакъ верг Иза цхьаъ бен вац.

2 - ШолгΙа Ιалашо - АллахΙаца накъост а ца веш, Цунна цхьанна Ιибадат даре нах кхайкхар ю, Цо Шен Къуръан чохь а, Элчана Суннатехь а де аьлларг дан дези хаайтуш, ма де аьллачух ларвала вези а хаайтуш. Ткъа нагахь адамаша АллахΙа бохург дахь, дуьненахь а, эхартахь а синтем а, синпаргΙато а карор ю царна.

3 - КхоъалгΙа Ιалашо - нахана дагадаийтар ю, уьш беллачул тΙаьхьа цера хир долу хьал, уьш боьрзура болу меттиг, каш чохь царна хиндерг, уьш денбина гΙовтточу хенахь, царна хьесап дечу хенахь царна хиндерг. Шаьш йинчу Ιамалшка хьаьжжина, уьш я жоьжагΙате, я ялсамане гΙур бу, дика динехь дика хир ду царна, вон динехь иза карор ду.


Ислам-динан коьрта баххаш
ХΙинца Исламан, бусалба динан коьрта баххаш довзайтур ду вай.

Бусалба динан хьалхара бух - Иманан ялх аркан ду.

1 - Хьалхара рукн: АллахΙах тешар.



АллахΙах тешарна юкъа догΙу:

- АллахΙан элаллех тешар. Вуьшта аьлча - АллахΙ массо хΙуманийн Эла хиларх тешар, массо хΙума кхоьллинарг Иза хиларх тешар. Массо хΙума керахь долуш верг, массо хΙума

долахь долуш верг, Ша кхоьллинчу Ιаламан а, халкъан а куьйгалла деш верг АллахΙ ву аьлла тешар.

- АллахΙ бакъ волу дела хиларх тешар. Иза воцург кхин Ιибадат дан цхьа а хьакъ ца хиларх тешар. АллахΙ а воцуш, наха шайна Ιибадат деш болу кхиболу деланаш харц хиларх тешар.

- АллахΙан массо цΙарах а, сифатех а тешар. АллахΙан хаза цΙераш а, лекха сифаташ а юй хаар, церан маьΙнех тешар, Къуръан чохь, Пайхамаран (Делера салават, салам хуьлда цунна) Суннатехь и цΙерш а, сифаташ а ма яхккара.

2 - ШолгΙа рукн: Малайкех тешар.

Малайкаш АллахΙа кхоьллина, Цуьнан лайш ду. АллахΙана Ιибадат до цара, Цунна муьтΙахь а ду уьш. Иштта, Дала царна тΙе цхьацца белхаш дехкина.



Вайна девзаш долчу малайкех ду:



1 - Жибрил (Жабраил). АллахΙа Шен пайхамаршна а, элчанашна а тΙе вахьйу (Делера омру) доссадайтуш хилла цуьнга.

2 - Мийкаийл (Минкаил). ДогΙунца а, ораматашца а долу Шен омру кхочуш дар тΙедиллина цунна АллахΙа.

3 - Исрафил. Къемат дийнахь адамаш хьалагΙовттош, уьш гулдеш цΙузам чу мох тохар диллина цунна тΙе АллахΙа.

4 - Малакулмавт (Валаран малайк). Адамаш лечу хенахь, церан са эцайту цуьнга АллахΙа.

3 - КхоалгΙа рукн: Жайнех тешар.

АллахΙа - сийлахь лекха ву Иза - Шен элчанашна тΙе жайнаш диссийна, шайна чохь нийсо а, дика а долуш долу.

Вайна оцу жайнех АллахΙа довзайтинарш хΙорш ду:

1 - Таврат. Иза Муса-пайхамарна (Делера салам маршалла хуьлда цунна) тΙе доссайна хилла ду, цуьнан къоман уггаре коьрта жайна а ду иза.

2 - Инжил. Иза АллахΙа Ιийса-пайхамарна (Делера салам маршалла хуьлда цунна) тΙе доссайна хилла ду.

3 - Забур. Иза АллахΙа Давуд-пайхамаре (Делера салам маршалла хуьлда цунна) делла хилла ду.

4 - ИбрахΙима жайнаш. Уьш АллахΙа ИбрахΙим-пайхамарна (Делера салам маршалла хуьлда цунна) тΙе диссайна хилла жайнаш ду.

5 - Сийлахь-доккха Къуръан. ХΙара АллахΙа Шен Пайхамарна Мухьаммадна (Делера салават, салам хуьлда цунна) тΙе доссайна ду, шел тΙаьхьа кхин цхьа пайхамар хир воцучу. Цундела АллахΙа, Къуръанал хьалха хиллачу жайнашца Ιамал яр дΙадаьккхина Къуръан доссорца. АллахΙа Ша Къуръан доссайча, Шена тΙелаьцна Къуръан лардар къемат де кхаччалц. Къемат дийнахь адамашна Далла гергахь тешалла а ду Къуръан.

4 - ДоьалгΙа рукн: Элчанех тешар.

АллахΙа Шен халкъана элчанаш бахкайтина, церах хьалхарниг Нухь ву (Делера салам маршалла хуьлда цунна), тΙаьххьарниг Мухьаммад ву (Делера салават, салам хуьлда цунна).

Массо элчанаш - шайна юкъахь Ιузайр а волуш, Марйама кΙант Ιийса а волуш - Дала кхоьллина адамаш ду, Дела бен хила хьакъ доцу сифаташ цаьрца дан а дац, цундела уьш АллахΙан лайшха лайш бу, Дала элчаналла царна даларца базбина а бу. (1)

Ткъа вайн Мухьаммад - Пайхамар (Делера салават, салам хуьлда цунна) массо нахана ваайтина ву, массо пайхамаршна мохΙур дина, шел тΙаьхьа кхин пайхамар хир воцуш ваайтина а ву.

5 - ПхоьалгΙа рукн: ТΙаьххьарчу дийнах тешар.

ТΙаьххьара де - иза Къемат де ду, адамаш кешнаш чура гΙовттор долу де ду. Цул тΙаьхьа уьш даим дийна хир бу, я ялсаманехь, я жоьжагΙатехь.

Къемат дийнах тешар ду - вай деллачул тΙаьхьа вайна хир долчух тешар, кошахь хир долу питана а, ниΙмат а, Ιазап а санна. Юха цул тΙаьхьа гΙовттор хилар, гулдийр хилар, хьесап дийр хилар, барт хоттур хилар а, цул тΙаьхьа я ялсамане, я жоьжахате гΙур хилар а санна.

________________________

(1) Керста наха Ιийса-пайхамар АллахΙан кΙант а, Дела а ву бах, ткъа жуьгташа Ιузайр АллахΙан кΙант ву бах. Лекха а, цΙена а ву АллахΙ цара бохучунах. Уьш а, вай массо а АллахΙан лайш ду. Вай бусалба ду, вай АллахΙана муьтΙахь а ду, АллахΙ воцчунна Ιибадат деш а дац, Цуьнца накъост веш а дац.

6 - ЯлхолгΙа рукн: Къадрах (Билгалдаккхарх) тешар.

Къадрах тешар бохург - иза вай тешар ду, АллахΙа Ιаламах а, цу чохь долчу массо халкъах а хиндерг билгалдаьккхина хилар. Иштта - вай теша - АллахΙа Шен Ιилманца, цхьана пайденна халкъ кхоьллина хиларх. Вай теша, Ша хΙара Ιалам кхолла а кхоллале, АллахΙана хΙокху Ιаламах а, хΙокху Ιалам чохь долчух а хиндерг хууш хиларх. Иштта - вай теша - и ша мел дерг АллахΙа, Шена гергахь долчу Лавхьул-махьфуз тΙехь дΙаяздина хиларх. Вай теша, АллахΙана ца лиъча, Цуьнан лаамца бен цхьа а хΙума хуьлуш ца хиларх, иштта, хΙара Ιалам а, халкъ а Цо Шен лаамца кхоьллина хиларх.

Бусалба динан шолгΙа бух - Исламан арканаш ду.

Ислам пхеа рукнанна тΙедоьгΙна ду, адам бусалба хуьлуш дац оцу пхеаннах тешшалц, цаьрца Ιамал яллалц.

1 - Хьалхара рукн: Тешалла дар ду - АллахΙ воцург кхин дела вац аьлла, Мухьаммад АллахΙан Элча а ву аьлла.

ХΙара тешалла Исламан догΙа ду, Ислам шена тΙе доьгΙна болу бΙогΙам а бу.

АллахΙ воцург кхин дела вац бохучуьнан маьΙна - АллахΙ воцург шена Ιибадат дан хьакъ вац цхьа а бохург ду. Бакъ волу дела иза АллахΙ ву, АллахΙ воцуш кхин болу массо деланаш харц деланаш бу. Ткъа Дела бохург - шена наха Ιибадат деш верг бохург ду.

Мухьаммад АллахΙан элча ву аьлла тешалла дар - иза Мухаммада (Делера салават, салам хуьлда цунна) мел дийцинарг бакъ дар ду, цо де аьлларг дар, ма де аьлларг ца дар а, цуьнах гена валар а ду, цо де аьллачу кепара бен Ιибадат ца дар а ду.

2 - ШолгΙа рукн: Ламаз дар.

Парз дина тΙедехкина долу ламазаш пхиъ ду, дийнахь а, буьйсанна а ше-шен хенахь дан дезаш а ду. Шен лайшна тΙехь долу Шен хьакъ цаьрга кхочуш дайта, Шена шукр дайта, Далла а, цуьнан лайна а юкъахь йолу юкъаметтиг чΙагΙ ялайта, АллахΙа тΙедехкина ду уьш. Иштта, Шен лайшка Шега дехайта а, уьш Шега кхайкхайта а, бусалба стаг вочу хΙуманах вухакхетайта а. Ткъа и ламазаш деш волчунна Дала дуьненан дикалла а лур ю, дуьненахь а, эхартахь а цунна маьл а лур бу. Цундела, ламаз деш волчунна, дуьненахь а, эхартахь а иза ирсе веш йолу дегΙан а, син а паргΙато хуьлу.

3 - КхолгΙа рукн: Закат даккхар.

Закат - иза сагΙа ду, закат тΙедожжал даьхни шен гулделлачо шарахь цкъа, мискачу нахана а, иза дала хьакъ болчарна а луш долу. Закат тΙехь дац мискачунна, закат тΙедожош долу даьхни доцуш волчу, амма иза тΙехь ду хьалдолчу нахана. Закат даккхар царна тΙехь ду, иза даьккхича церан бусалба хилар кхочуш хилайта , церан гΙиллакхаш а, хьал а тодалайта, царна тΙе богΙу бала буха тоха, халонаш юха тоха, церан даьхнина хуьлуш болу эшамаш буха тоха, вочу хΙумнах, къинойх уьш цΙанбалайта, мискачу нахана гΙо хилайта, адамашна юкъара марзо, безам, маслаΙаташ чΙагΙдалайта. Закат даларха хуьлуш дерш оццул дукха диканаш ду, ткъа и даккха деза закат , Дала царна деллачу даьхнех а, ризкъанах а кΙеззиг долу дакъа бен дац.

4 - ДоьалгΙа рукн: Марханаш кхабар.

Вайна тΙедиллина дерг - бусалба нехан терахьца иссолгΙа, Рамзан цΙе йолу мархи бутт кхабар ду. Оцу баттахь массо бусалба наха цхьатерра Ιад йуьту шайн дегΙан марзонаш. Ιуьйранна сатесчахьана, суьйранна малхбуза хан кхаччалц, цара яъа хΙума а ца юъу, хΙумма мала а ца молу, я шайн зударшца гΙулкх а ца даайту. Цара и хΙумнаш дитарна, цара марханаш кхабарна, АллахΙа царна церан дин а кхочуш до, шайн динехь уьш чΙагΙбеш, Шен комаьршаллийца царна боккха маьл ло, даржехь уьш сов лекха а боху, сийлаллехь Шена гергахь лекха а боху, иштта, кхин а дукха, дуьненахь а, эхартахь а Ша марханаш кхаьбначарна лур ду аьлла долу диканаш а ло.

5 - ПхоьалгΙа рукн: Хьадж дар.

Хьадж дар бохург - Делан цΙентΙе ваха ара валар ду, шарΙо билгал йинчу хенахь, шарΙо билгал дина долу Ιибадат кхочуш дархьама. Дала иза тΙедиллина дахарехь цкъа, ницкъ кхочуш волчунна. Хьадж дечу хенахь, массо бусалба нах вовшах кхета дуьнентΙехь уггаре езчу меттехь, цхьана АллахΙана Ιибадат а деш, духар массера а цхьатера долуш, паччахьна а къомана а юкъахъ, хьалдолчунна а мискачунна а юкъахь, кΙай адамашна а Ιаьржа адамашна а юкъахь цхьа а башхало, къастам а боцуш. ТΙаккха цара кхочуш йо хьадж деш ян еза Ιамалш. Оцу Ιамалех уггаре йоккха, еза Ιамал Ιарафатехь хан яккхар ю, бусалба нехан къилба долчу КаΙбатана гонах тΙаваф деш гонаш дахар а ю, Сафа - Марва шина лома юккъехула дΙасавахар а ю.

Дийцина а, дагар дина а ца валлал маьл а, чΙогΙа дика, дуьненна а динна а пайданаш бу хьадж дарехь.

Бусалба динан кхоалгΙа бух - Ихьсан ду.

Ихьсан бохург - ахь АллахΙана Ιибадат дар ду, Исламца а, Иманца а, хьайна АллахΙ гуш волуш санна. Ткъа хьуна Иза гуш вацахь а, цунна хьо гуш ву хьуна. Хьо АллахΙана хьалха волуш санна Ιибадат дан деза бохург ду иза, Пайхамаран (Делера салават, салам хуьлда цунна) Суннат тΙехь а возуш, цунна дуьхьало а ца еш.

ХΙара вай мел дийцинарг бусалба динна юкъа догΙуш ду.
Массарна а хууш ду бусалба дино хΙора адаман а, массо нехан а дахар тодина, нисдина хилар, дуьненахь а, эхартахь а уьш декъал хир болчу агΙор. Цундела, бусалбачу нахана зуда ялор магайна, иза чΙагΙ а дина, амма “зина” (шен долахь йоцучу зудчуьнца оьвхьаза гΙулкх даайтар) ца магайна, ши стаг вовший оьвхьаза валар а ца магийна, иштта кхи долу оьзда доцу гΙуллакхаш а ца магайна. Шен дика а нийса а хиларца бусалба дино тΙедиллина гергара нахаца гергарло чΙагΙдар, мискачу нахаца комаьрша, кΙеда-мерза хилар, уьш ларбар, амма цо ца магайна вон гΙиллакхаш а, адамийн барт бохош долу гΙуллакхаш а, гΙиллакхе ца хилар а.
Бусалба дино вайна магайна йохка-эцар лелорца а, и санна кхечу агΙор а хьанала рицкъ даккхар, амма цо вайна ца магайна «риба» (духалург деллачу даьхнана тΙе са яккхар), нах Ιехорца долу йохка-эцар а.

Массо адамаша бусалба дин лело ма дезза лелор доци а хууш, Далла гергахь а, нахана гергахь а къинош летош болчу нахана таΙзар хΙоттайна Дала. Далла гергахь хуьлуш долу, Цуьнан хьокъах хьакха луш долу, Дала уьш динчунна таΙзар хΙоттайначу къинойх цхьадерш хΙорш ду: бусалба стаг я зуда шен дин тΙера йухадалар, «зина» дар, къаьркъа малар, иштта оцу кепара долу кхидерш а. Неха хъокъахъ хуьлуш долу, Дала уьш динчунна таΙзар хΙоттайна долчу къинойх ду:

стаг вер, хΙума лачкъор, бехк боцучу стагана, я зудчунна «зина» дина аьлла цΙекхоллар, нахана бохам бар, тохар-латар, хьакъ доцуш нехан даьхни схьаэцар. (1)

ХΙокху къиношна долу таΙзар цаьрга хьажжина ду, я сов а дац, я эшам болуш а дац.

Иштта бусалба дино нисйина паччахьна а, къоманна а юкъахь хила еза юкъаметтиг. Къомана тΙедиллина паччахьо бохучунна муьтΙахь хилар, нагахь санна цо АллахΙана Ιеса хила ца бахахь.

Паччахьана дуьхьало еш, цунна дуьхьал ара валар а ца магайна бусалба дино, цуьнах хуьлу баккхай бохамаш бахьана долуш.

ТΙаьххьара а дΙадерзош аьлча нийса хир ду:



Баккъалла а, бусалба динца ю нийса Ιамал а, Далла а Цуьнан лайшна а юкъахь нийса юкъаметтиг кхоллар а, иштта, хΙора стеган а цунна гонах долчу адамашна а юкъахь нийса юкъаметтиг кхоллар а. Нахаца лело езачу юкъаметтигца доьзна долу, гΙиллакхца доьзна долу дахарехь дезаш долу цхьа а дика дитина дац бусалба дино иза нахана гайтина, билгалдаьккхина бен, уьш цунна тΙе нисбина бен. Иштта, цхьане а кепара вон а ца дитина цо, ма де аьлла бен, цуьнах гена довла аьлла бен, цуьнах адам духа тоьхна бен. Оцо гойту вайна, хΙара бусалба дин, Делан Ислам - кхочуш дин хилар, массо агΙор дуьзна эшам боцуш дин хилар, цунна тΙе тоха а, я цунна тΙера дΙадаккха а оьшуш хΙума ца хилар.

Вай хастам бо АллахΙана, Ιаламийн Эла волчу, вайна бусалба дин Цо даларна.

________________________

(1) Къинойх лаьцна чΙогΙа дика жайна ду Ахьмад Бетис вайн маттахь яздина, «Даккхий къинош» цΙе йолуш.

المصدر: موقع الشمسي

إخوة الاسلام وأحبائنا فى الله شاركونا بابحاثكم ودراساتكم من خلال مراسلتنا اضغط هنا .

بسم الله الرحمن الرحيم "اقْرَأْ بِاسْمِ رَبِّكَ الَّذِي خَلَقَ (1) خَلَقَ الْإِنْسَانَ مِنْ عَلَقٍ (2) اقْرَأْ وَرَبُّكَ الْأَكْرَمُ (3) الَّذِي عَلَّمَ بِالْقَلَمِ (4) عَلَّمَ الْإِنْسَانَ مَا لَمْ يَعْلَمْ (5)" سورة العلق.

على إسم الله والشورى ، جعلنا الدين دستورا ، وسرنا في طريق الحق ، كان كتابنا النورا